Лергаш долу жима бухӀа

Материал из Тептар
Версия от 17:32, 2 февраля 2025; Buto (обсуждение | вклад) (Новая страница: «thumb| Лергаш долу жима бухӀа '''Лергаш долу жима бухӀа''' (Otus scops). Оьрсаша «Сплюшка» олу жимачу бухӀанах. Бос вукха бухӀанийн санна бу цуьнан а. Йоккхачу бухӀанан санна ши лерг а ду. Яхар ширчу, дӀатесна йитначу бошмашкахь, тогӀешкахь, хь...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
Файл:Otus scops ab cropped.png
Лергаш долу жима бухӀа

Лергаш долу жима бухӀа (Otus scops). Оьрсаша «Сплюшка» олу жимачу бухӀанах. Бос вукха бухӀанийн санна бу цуьнан а. Йоккхачу бухӀанан санна ши лерг а ду. Яхар ширчу, дӀатесна йитначу бошмашкахь, тогӀешкахь, хьаннийн хотешкахь ду цуьнан. ХӀоьаш дечиган хари чохь, я бердах баьккханчу бенахь до цо. Тойна май баттахь доккху. ХӀоа 4-6 до. КӀай хуьлу цуьнан хӀоьаш. Ижо, садайначул тӀаьхьа, буьйса йоьлчи лоху цо. Дийнахь, диттан гӀодах дӀа а таьӀий, Ӏадда Ӏа иза. Екар сингаттаме ду цуьнан «сплю-ю» бохуш. Цундела аьлла хила а там бу цунах оьрсаша «сплюшка».

Дехкий а, кегийра хьозий а доу цо. Кхин йолу садолу хӀуманаш а йоу.

Ялташна зуламе садолу хӀуманаш цо яар бахьана долуш пайдехьчу олхазарех лерина иза.

Хьажа. кхин[править | править код]

Хьажоргаш[править | править код]