«ГӀела» и «Дингат»: разница между страницами

Материал из Тептар
(Различия между страницами)
Перейти к навигации Перейти к поиску
Нет описания правки
 
Нет описания правки
 
Строка 1: Строка 1:
[[Файл:Rothirsch - Cervus elaphus - Dortmund-Zoo.jpg|thumb| ГӀела]]
[[Файл:Mustela_nivalis_-British_Wildlife_Centre-4.jpg|thumb| Дингат]]


'''ГӀела''' ({{lang-ru|Марал}}) — И боккха сай Тянь-Шанехь а, Алтайхь а, Саянехь а, Байкалал дехьа а, Амуран а Уссурин мехкашкахь а хуьлуш бу. Сеш ду Малхбузен Европехь а, ГӀирмехь а, Кавказехь а, Карпатан лаьмнашкахь а, Беловежскехь а, Днепран лахенашкахь а. Иштта Акании-Ново а, Воронежан заповедникехь, Амуран йистошкахь а Ӏаламах доьлла сеш.
'''Дингат''' ({{lang-ru|ласка}}) — аьлла цуьнан цӀе яьккхича иза кертара дӀайоьда олуш ду. Цундела иза кертара дӀа ца яхийта "кхобу" цуьнан цӀе. Иза кертахь хилар пайдехь хета адамашна. ХӀунда аьлча, цо мукадехкий а, дехкий а хӀаллакдо. Иза дехо дуткъа дегӀ а долуш, дехках тера жима экха ду. Луьстта ира цергаш ю цуьнан. Кегийра кхоьлина бӀаьргаш ду. Ша дайанчу дехкийн хье боу цо . Хье биъна дуьзчи а цаӀеш дехкий дойу цо, шена тӀаьхьало еш. Кхин дахка ца карош ша мацделчи юха догӀу иза, ша тӀаьхьалонна дитначу дехкашна тӀе. Цуьнан садоӀуш хан ян а йац. Буса а, дийнахь а толлу цо дехкашна. Цхьана дийнахь бусий 10-15 дахка боу цо ша оццулла жима доллушехь. Хаддаза уьдуш леларо мацдо иза. Цундела сих-сиха доу цо и пхьор. Герггарчу хьесапехь 2-3 эзар дахка боь цо цхьана шарахь. ГӀодмин такхорана кӀелахь карийна 450 дахка. Дингато дойуш гулдина хилла уьш. Дингат керта кхаьчначу меттехь дехкийн хӀу дов. Цхьанхьара ша уьш хӀаллакдича кхоьчахьа дехкий долчу дӀадоьду и жима экха. ХӀусам дехкашкара схьайоккху дингато. Дехкан Ӏуьрг шор а дой, цу чохь шена кӀеда мотт буьллу цо екъачу бецах я ша дайанчу дехкийн цӀокарчех.
 
* ГӀела таллархочун уггаре а мехала ижо йу. Китайн дарбанашкахь безчу мехала лору гӀелан къона маӀаш. Китайхь дешин мехха лоруш хилла уьш. Пржевальски волчу хенахь цхьана г1елан моӀах деллачу ахчанах мачийттаетт йа масийтта говр эцалуш хилла. Стомма дилх, чӀогӀа неӀ мехала хилла ца Ӏаш, гӀелан панташ (1) а хилла иштта мехала.
* Сен кур бужу хӀора шарахь. Цуьнан меттана кхин кур хӀуттуш йахйала йолало маӀаш. Кур бужу бӀаьста март йа апрель баттахь. Цу балхо эрча боккху сай. Цхьана баттахь лела иза оцу кепехь. Цул тӀаьхьа хьалаяхло маӀаш. Чохчам санна кӀеда а йолуш, цӀий лела пхенаш дуьзна гуш уьш йолчу хенахь хедийчи дарбанна дика йу.
* Йоьхьанца къона маӀаш тӀехь ча болуш хуьла. МаӀаш чӀагӀлуш кур кхиъна баллалц лаьтта и чо царна тӀехь. Кур кхиъна баьлчи маӀаш тӀера охьадужу и кан.
* ГӀелано аьхка буц йоу, Ӏай декъа гӀаш, синтарш доу, берг тухуш лай кӀелара йекъа буц йоу. Хьайбанна туьха деза. Бацаца, соьналлашца иза тоьаш дац. Цундела гӀелаша туьхан латтанаш лоха бӀаьста буц хьалаяла тохаелчи.
* ГӀела шена кхераме долчу экханах, адамах ларбала хууш бу. Адамах шен бӀаьргкхетчи цӀеххьана дӀа ца эккха иза. Ша цунна го йа ца го хьажа лаьа цунна. Таллархо шена тӀеӀоттавелча кхерамах бедда гена болу иза. Ша къайле баьлчи и таллархо шена тӀаьхьа вогӀа йа ца вогӀа хьожуш соцу иза. Таллархо тӀаьхьа ца вогӀийла хиъчи паргӀатболу иза. Я меллаша болалой дӀабоьду. Шаьш дийшина Ӏохкучу хенахь, адамах бӀаьрг кхетчи, йадда Ӏохку гӀеланаш, кхин дӀа цо хӀун до, хӀун дагахь ву хьажа лууш. Стаг шаьш долчухьа тӀеволавелчи дӀалелха.
* ГӀеланаш дежа сатесчихьана дуьйна. Де дохделчи дуьйшу уьш шайна кхерам боцчу меттехь. Шаьш гурдоцуш, шайна гондахьа бӀаьрг кхаба аьтту болуш меттиг хоржу цара. Масала, гобаьккхина йаьсса майда аре а йолуш, къасттина лаьтта диттийн кондарш. Я ламанан басеш мокхазан берд. Бердах агӀу а тухий дуьйшу уьш. ТӀаккха шайна хьалхара цхьа агӀу бен ларо ца деза. Цигахь, нох а доккхуш дуьйший Ӏохку уьш, делкъал тӀаьхьа малх охьаластталц. ТӀаккха сарралц дежа ламанан даккъашкаца хьала а оьхуш.
* Хьуьнчохь гӀелаша садоӀу меттиг генаш лаьтта охьакхаьчна долчу доккхачу дитта кӀело хоржу. ХӀунда аьлчи, арахьара тӀевогӀучунна цу кӀелахь уьш ца го. Шайна герга гӀерташ верг царна го. Иштта тӀегӀоьртанчу кхерамах кӀелхьара довла аьтту лоху цара.
* ГӀела само йолуш а, хьожа кхеташ а бу.
* ГӀелашна чуьркаш, горанаш ца еза. Къаьсттина керла маӀаш йовлучу хенахь ца лало цаьрга оцу экамчу моӀа тӀе хиъначу чуьрко къовзор. Цундела уьш йовхачу хенахь чуьркаш, горанаш йоцчу ламанан даккъашка хьала доьлху. Цигахь шийла механ хӀо хуьла. Иза чуьркашний, горнашний ца деза. Ламанан лахенанашца хин тогӀешкахь, хин берда йистошца хуьлу церан сецарш. ХӀунда аьлчи цигахь а хишца шийла хӀо хуьлу.
* Гуьйранна ламанан баххьаш хержа оьшуш ца хуьлу гӀелашна. Сту гӀела гӀелашка гӀергӀа сентябрь баттахь. Цо шена тӀе боьху гӀела-етт. ТӀаьхьа бисна сту, оре беъна гӀела-етт тӀамца схьабаккха безаш хуьлу ша санна болчуьнгара. Кхузахь лета уьш. Тоххарлера гӀелашка гӀергӀар а доцуш къин тайпа амалаш къоллало: кхерам тасар, лата кечлуш бӀов бахар, леташ эшначун дегабаам йа тоьллачун куралла. Ницкъ болчу гӀелан ша санна берг хоржуш терсар. Ханна а, дегӀан а, ницкъана а шега ниссачух лета гӀела-сту. Генара хеза цара вовшашна карраш детташ ден тата. Уьш леттачохь кегйина маӀаш карайо. Летчу заманчохь карраш таса а лой уьш вовшах ца дахалуш шиэ а гӀела мацалла белла карийна меттигаш а йу.
* Оре лоцучу хенахь цхьана эра гӀелан 6-7 гӀела-етт хуьлу. БугӀанаш уьш къуьйсуш лета вовшех. Тоьллачо шегахьа дерзадо уьш.
* Ӏай шайн-шайн жима бажа хуьлу церан. ГӀела-сту а, шиъ-кхоъ йуха а ламанан лахенга охьадогӀу уьш шайн кхерстаран некъашкахула.
* ГӀела ша сира белахь а цуьнан эса можачу сацкъар басахь хуьлу, дегӀан дохалла можа томмагӀнаш а долуш. Цхьана баттахь гергга Ӏуьллу иза бацалахь дуьжий. Нана цунна дукха гена а ца йолуш ежаш лела. Эса дакхо шен-шен хенахь метта йогӀу иза. Ненах декхчи йовхачу а, хьеначу а шурех дузий йуха а охьадуьжу эса. Диттин кондаршлахь къаьсташ ца хуьлу иза. Цуьнан дегӀа тӀера можа томмагӀнаш гӀан патарехь дӀаоь. Буьрсачу экханах ларо Ӏаламо и къайле йелла цунна.
* Цхьана шарахь сов лела боьрша эса нанна тӀаьхьа хӀуттий. Шо кхаьччи нанна тӀаьхьара къаьста иза. Стен эса шозлагӀчу шарахь а ненаца хуьла.
* Оцу акхачу дохнан уггаре а луьра мостагӀ борз йу. Царна кхерам бу акхачу цицигах а, чанах а.


* Кхоъ, йиъ, иссанна тӀекхаччалц хуьлу дингатан кӀорни. Цо кӀорнеш шарахь моссазза йо хууш дац. Шеран цхьана заманчохь ца йо цо уьш. Ӏаьнан а, аьхкенан а, бӀаьстенан а, гуьйренан а, муьлххачу а баттахь карош хуьлу цуьнан кегийра кӀорнеш. Дингато бецан меъ а, лекъ а, кхин долу олхазар а доь гӀортантӀера цӀий лела пха а хадабой. ГӀиргӀано мӀарашца катоьхна дадийчи, шен и гӀорта яхъеш, дӀакхевдина цуьнан лаг а хадийна дингат цуьнца охьадоьжна меттигаш а хилла.
* Цхьана таллархочунна пхьагал уьдуш, готуьйсуш, кхиссалуш карзахъяьлла гина. Цецваьлла иза пхьагало лелочух. Дукха хан ялале пхьагал йоьжна. Таллархо, когаш а хьоькхуш леш йоллучу пхьагална тӀевахча, цунна юххера дӀаедда дингат. Цо логах а тасаелла лаг цоьстуш холчу хӀоттийна хилла пхьагал. Дехкал бен доццушехь иштта шел йоккхачунна а кхераме экха ду иза.
* Адамашна зиэделла хилла буьйсанна божли чохь говро мийраш бетташ, синтем байна деш дерг. Ӏуьйранна хьацар а долий, гӀеллой карош хилла говр. "ГӀам ду цунна и ницкъ беш дерг" олуш хилла говр йолчу дас.
* Иштта говро сагатдеш хезчи, фонарь а буйнахь чувахча, говр йолчу дена говран кхесса юккъера хьала а яьлла дӀайоьдуш гина дингат. Иза кхеса юккъе яьлланчу меттехь, вортанах хьаладевлла цӀийн тӀадамаш гина говр йолчу дена. Говран синтем байна корзахъялар лаа ца хилла.


== Хьажа. кхин ==
== Хьажа. кхин ==


== Хьажоргаш ==
== Хьажоргаш ==





Текущая версия от 10:11, 6 февраля 2025

Дингат

Дингат (рус. ласка) — аьлла цуьнан цӀе яьккхича иза кертара дӀайоьда олуш ду. Цундела иза кертара дӀа ца яхийта "кхобу" цуьнан цӀе. Иза кертахь хилар пайдехь хета адамашна. ХӀунда аьлча, цо мукадехкий а, дехкий а хӀаллакдо. Иза дехо дуткъа дегӀ а долуш, дехках тера жима экха ду. Луьстта ира цергаш ю цуьнан. Кегийра кхоьлина бӀаьргаш ду. Ша дайанчу дехкийн хье боу цо . Хье биъна дуьзчи а цаӀеш дехкий дойу цо, шена тӀаьхьало еш. Кхин дахка ца карош ша мацделчи юха догӀу иза, ша тӀаьхьалонна дитначу дехкашна тӀе. Цуьнан садоӀуш хан ян а йац. Буса а, дийнахь а толлу цо дехкашна. Цхьана дийнахь бусий 10-15 дахка боу цо ша оццулла жима доллушехь. Хаддаза уьдуш леларо мацдо иза. Цундела сих-сиха доу цо и пхьор. Герггарчу хьесапехь 2-3 эзар дахка боь цо цхьана шарахь. ГӀодмин такхорана кӀелахь карийна 450 дахка. Дингато дойуш гулдина хилла уьш. Дингат керта кхаьчначу меттехь дехкийн хӀу дов. Цхьанхьара ша уьш хӀаллакдича кхоьчахьа дехкий долчу дӀадоьду и жима экха. ХӀусам дехкашкара схьайоккху дингато. Дехкан Ӏуьрг шор а дой, цу чохь шена кӀеда мотт буьллу цо екъачу бецах я ша дайанчу дехкийн цӀокарчех.

  • Кхоъ, йиъ, иссанна тӀекхаччалц хуьлу дингатан кӀорни. Цо кӀорнеш шарахь моссазза йо хууш дац. Шеран цхьана заманчохь ца йо цо уьш. Ӏаьнан а, аьхкенан а, бӀаьстенан а, гуьйренан а, муьлххачу а баттахь карош хуьлу цуьнан кегийра кӀорнеш. Дингато бецан меъ а, лекъ а, кхин долу олхазар а доь гӀортантӀера цӀий лела пха а хадабой. ГӀиргӀано мӀарашца катоьхна дадийчи, шен и гӀорта яхъеш, дӀакхевдина цуьнан лаг а хадийна дингат цуьнца охьадоьжна меттигаш а хилла.
  • Цхьана таллархочунна пхьагал уьдуш, готуьйсуш, кхиссалуш карзахъяьлла гина. Цецваьлла иза пхьагало лелочух. Дукха хан ялале пхьагал йоьжна. Таллархо, когаш а хьоькхуш леш йоллучу пхьагална тӀевахча, цунна юххера дӀаедда дингат. Цо логах а тасаелла лаг цоьстуш холчу хӀоттийна хилла пхьагал. Дехкал бен доццушехь иштта шел йоккхачунна а кхераме экха ду иза.
  • Адамашна зиэделла хилла буьйсанна божли чохь говро мийраш бетташ, синтем байна деш дерг. Ӏуьйранна хьацар а долий, гӀеллой карош хилла говр. "ГӀам ду цунна и ницкъ беш дерг" олуш хилла говр йолчу дас.
  • Иштта говро сагатдеш хезчи, фонарь а буйнахь чувахча, говр йолчу дена говран кхесса юккъера хьала а яьлла дӀайоьдуш гина дингат. Иза кхеса юккъе яьлланчу меттехь, вортанах хьаладевлла цӀийн тӀадамаш гина говр йолчу дена. Говран синтем байна корзахъялар лаа ца хилла.

Хьажа. кхин[править | править код]

Хьажоргаш[править | править код]